?

Log in

No account? Create an account

Вся Библия на чеченском
1
alyulka
Можно скачать в формате PDF на сайте Института Перевода Библии.

Iийсас беана, Яхьъяс д1аязбина болу хаза кхаъ - 1:31-35 (Ин)
1
alyulka
Суна а билгга ца вевзара Иза. Амма Иза исраилхошна вовзийтархьама, веанера со, нах хих чекхбохуш". (31)

Яхьъяс, тоьшалла а деш, элира: "Суна Делан Са гира кхокханан суьртехь стигалара доьссина, и Са Цунна т1ехь дисира. (32)

Цкъа х1инццалц суна а билггала ца вевзара Иза, амма со нах хих чекхбаха ваийтинчу Дала элира соьга: "Делан Са а доьссина, Иза Шена т1ехь дуьсуш гун верг хир ву хьуна цу Делан Синах адамаш дузон верг". (33)

И суна ган а гира, ас тоьшалла а до Иза Делан К1ант хиларх". (34)
Iийсан дуьххьарлера мурдаш

И хиллачу шолг1ачу дийнахь Яхьъя юха а лаьтташ вара шен мурдех волчу шинца. (35)

Iийсас беана, Яхьъяс д1аязбина болу хаза кхаъ - 1:26-30 (Ин)
1
alyulka
Яхьъяс хоп делира цаьрга: "Ас шу хих чекхдоху. Амма шуна юкъахь лаьтташ Хьенех ву, шуна вевзаш воцу. (26)

Иза сол т1аьхьа вог1уш велахь а, со Цуьнан мачийн бахтарш д1адаста а хьакъ долуш вац". (27)

И дара Йордан-хин дехьа аг1ор йолчу Бет-Х1ина олучу меттигехь, Яхьъяс нах хих чукхбохучохь. (28)

Шолг1ачу дийнахь, шена т1евог1у Iийса а гина, Яхьъяс элира: "Хьажал, Х1ара Дала,кху дуьненара адамийн къинош т1е а лаьцна, уьш д1адахьа баийтина Iахар бу. (29)

Х1ара ву ас Шех лаьцна аьлларг: "Сол т1аьхьа вог1уш волу Стаг сол а лакхара ву, х1унда аьлча Иза сол хьалха волуш вара". (30)

Iийсас беана, Яхьъяс д1аязбина болу хаза кхаъ - 1:21-25 (Ин)
1
alyulka
Цуьнга юха а хаьттира: "Ткъа хьо мила ву? Элиях1у-пайхамар вуй хьо?"
"Ивац со".
"Делахь билггала ван веза пайхамар ву хьо?"
"Вац", - аьлла, жоп делира Яхьъяс.
(21)

Т1аккха цара элира Яхьъяга: "Ткъа хьо мила ву, дицйцахья тхуна, тхаьш хьуна т1е хьовсийначаьрга жоп далархьама. Хьайх лаьцна х1ун олу ахь?". (22)

Яхьъяс жоп делира Еша1-Ях1у-пайхамаран дешнашца:
"Яьссачу аренгахь кхойкхучун аз ду со:
"Везачу Элана хьалхара некъ нисбе"".
(23)

Ткъа Яхьъяна т1ебахкийтинарш парушхойх бара. (24)

Т1аккха цара хаьтира Яхьъяга: "Хьо я Дала леррина Къобалвинарг а ца хилча, я Элиях1у а, я билггала ван веза пайхамар а воццушехь, нах хих чекх х1унда боху ахь?". (25)

Iийсас беана, Яхьъяс д1аязбина болу хаза кхаъ - 1:16-20 (Ин)
1
alyulka
Иза бакъдолчух а, диканах а вуьззина волу дела, вай саццаза схьаоьцура Цуьнан дикалла. (16)

Х1унда аьлча товрат-хьехамаш Муса-пайхамарехула белла бара, ткъа Делера долу бакъдерг а, дика а Дала леррина къобалвинчу Iийсагахула деана ду. (17)

Дела цхьанна а, цкъа а гина вац. Ткъа Шен Деца волчу, цхьаъ бен воцучу К1анта** беана Делах болу кхаъ, Иза вайна вовза а вовзуьйтуш. (18)

Ярушалаймера динан куьйгалхоша бахкийтинчу динан дайша а, Леви ц1е йолчу тайпанан, Делан ц1а чохь болх беш болчу наха а Яхьъяга хаттар дира: "Хьо мила ву?" - аьлла. (19)
Яхьъя-пайхамаро Iийсах лаьцна тоьшалла дар
(Маттай 3:1-12; Марк 1:1-8; Лака 3:1-18)

Яхьъяс ишшта тоьшалла дира, шен дашна т1ера юха а ца волуш, мадарра д1а а олуш: "Со Дала леррина Къобалвинарг вац". (20)
** - 1:18 Ткъа Шен Деца волчу, цхьаъ бен воцучу К1анта. Кхечу тептарш т1ехь: Ткаъ Дела верриг а волу, Цуьнгахьа а волу, Цуьнан цхьаъ бен воцучу К1анта.

Достоверность Библии в сравнении с Кораном
1
alyulka
Диакон Андрей Кураев

Искажен ли текст Нового Завета?Collapse )


Джон Гилкрист

Подлинность текстов Библии и КоранаCollapse )



Эдльмир Кулиев

Рукописи КоранааCollapse )

Iийсас беана, Яхьъяс д1аязбина болу хаза кхаъ - 1:11-15 (Ин)
1
alyulka
Шен махка веара Иза, ткъа шечара а И тёе ца ийцира. (11)

Ткъа, Ша т1е эцна, Шеч тешаш болчарна
Делан бераш хила бакъо елира Цо.
(12)

Уьш я ц1ийх а, дер1ан лаамца а,
я стеган лаамца а хилла боцуш, Делах хилла бу.
(13)

Дашах адам а хилира,
Иза адамашна юкъахь 1аш а дара.
Т1аккха тхуна гира Дас Шен цхьаъ бен воцучу К1антана делла олаллин нур.
Иза диканах а, бакъдолучх а вуьзна а вара
(14)

Яхьъя*, Цунах лаьцна тоьшалла а деш, кхайкхадо: "Х1ара ву ас шуна вийцинарг: "Сол т1аьхьа Вог1ург, сол лакхара а хилла, д1ах1оьттина, х1унда аьлча Иза сол хьалха а волуш вара"". (15)

* - 1:15 Яхьъа - нах хих чекхбахийта Дала ваийтина Яхьъя ву иза. Делера болу хаза кхаъ д1аязбинарг изза ц1е йолу кхин стаг ву.

Iийсас беана, Маттайс д1аязбина болу хаза кхаъ- 28:16-20 (Мф)
1
alyulka
Iийсас т1е ма-диллара, Галилай-махкарчу лам т1е д1авахара цхьайтта мурд. (16)

Иза шайна гича, уьш Цунна хьалха охьатаь1ра, амма цхьаццаберш шекбевлира. (17)

Iийсас, тёе веана, цаьрга элира: "Стигалшкахь а, кху дуьнен чохь а мел йолу бакъо Сан кара схьаелла. (18)

Ишшта, даха а г1ой, Ден, К1ентан, Делан Синан ц1арах массо а халкъаш хих чекхадаха, (19)

Аса шайна т1едиллинарг дерриг а лардар а хьщьхуш. Ткъа Со массо а хенахь шуьца хир ву, дуьненан чаккхе т1екхаччалц". (20)

Iийсас беана, Яхьъяс д1аязбина болу хаза кхаъ - 1:6-10 (Ин)
1
alyulka
Дала цхьа стаг ваийтира,
цуьнан ц1е Яхьъя яра.
(6)

Иза цу Серлонах тоьшалла дан веанера,
цуьнгахула цу Серлонах массо а адам тешийтархьама.
(7)

Яхьъя ша Серло яцара,
ткъя иза Серлонна тоьшалла дан ваийтина вара.
(8)

И бакъйолу Серло дуьнен чу йог1уш яра,
Цо муьлхха а адам серла а доккху*.
(9)

Дуьненна юкъахь а дара и Дош,
Цуьнгахула дуьне а кхолладеллера,
амма дуьнен чуьра адамашна И ца девзира.
(10)

* 1:9 - Я иштта: И бакъйолу серло яра, муьлхха а дуьнен чу дог1у адам серла а доккхуш.

Iийсас беана, Яхьъяс д1аязбина болу хаза кхаъ - 1:1-5 (Ин)
1
alyulka
Дашах адам хилира

Юьхьанца Дош дара.
И Дош Делехь дара.
И Дош Дела дара.
(1)

И Дош юьхьанца Делехь дара. (2)

Дерриг а Дала цу Дашехула кхолла а кхоьллина,
И доцуш, кхоьллинчух х1умма а ца кхоьллина.
(3)

Бакъдолу дахар Цунна чохь а дара,
и дахар адамашна серло а яра.
(4)

И серло боданехь къега.
Бодано и серло эша а ца йина.
(5)